Кхин а цхьа инарла ведда Шемара


Шемин президентан гонера полицин эскарийн куьйгалхо инарла ал-Жасем Шаллал Ιабдул-Ιазиз ведда, шегара дарж а дитина, луларчу Туркойчу. И бакъдеш иза ша вистхилла Дубайерчу Ал-Ιарабийа телехьожийлехула. Ша Шемарчу гΙаттамхойн «халкъан революцигахьа» ваьлла, шен пачхьалкх къомаца тΙом беш йолундела а, иза банданах таръелла хиларна а, элира цо. Шера чохь иттанашкахь бевдда Асад Башарна гонахара инарлаш.