Президент хоржуш ву Чехехь

ПIераскан а, Шоьтан а, шина дийнахь, керла президент хоржуш ву Чехехь. ХIоразза а 5 шо а доккхуш, шозза президент хилла волчу Клаус Вацлава дуьтуш ду и дарж. ТIаьххьара болчу талламаша гайтарехь президентан дарж къовса мегаш ву Чехин хилла волу ши премьер-министр –Фишер Ян а, Земан Милош а.

Верриг а Чехин президентан харжамашкахь дакъалоцуш ву 9 стаг. Нагахь хьалхарчу муьрехь президент харжа аьтто ца балахь, шолгIа мур хир бу ши кIира даьлча. Чехийн бахархой дуьххьара дакъалоцуш бу президент хоржуш. ХIинццалц иза къаставора мехкан парламенто.