Къизалло дахчийра нохчийн къам...

Депортаци

Сталинан Ιедало вайнах махках бохийна де билгалдоккхуш нохчийн а, царех доглозучу бухарчу кхечу къаьмнийн векалийн а гуламаш бу дIабоьлхуш Парижехь, Лондонехь, Варшавехь, Мюнхенехь, Венехь, Ослохь, Амманехь, Истамбулехь, иштта цхьамогΙа кхечу а шахьарашкахь. 69 шо даьллехь а, хΙетахьлерчу Ιовжамах дегнаш дассадаланза деха дуккха а адам.


Вайнах махкахбахар дагалаца леринчу гΙаланийн декъахь хуьлда, шена лаахь, Вашингтон я Лондон, Париж я Осло, амма церан барамийн мах макхбо Соьлж-ГΙалахь нохчийн къам Сталина дохор шена оцу къомана Чиллан-Беттан 24-чохь дийца а дехкаро. «Сий хуьлда Оьрсийчоьнан тΙеман ницкъийн» аьлла школаш тΙе, гΙаларчу билбордаш тΙе дΙабиттина луьйцанаш а болуш чекхдер ду, гарехь, Нохчийчуьрчу радиоладогΙархоша бечу леткъамашка ладоьгΙча, эскарийн хьовха, массо а божарийн де ларалуш долу вайнах махкахбаьхна де.

Амма шелахочуьнан Деналбекан, тΙаьххьарчу тΙемаша синош дΙадаьхьначу веа кΙентан ден, нохчочун, дагчуьра ша винчу оцу 1944-чу шеран Ιай къам махкахдохийна де дагчуьра дΙадаккха-м бац кху дуьнентΙехь цхьа а ницкъ.
Францехь, ша голаш лозуш, чохь Ιуьллучу дарбан цΙийнера дийцира цо Маршо Радиога оцу дийнах а, и санна тахана а нохчашна тΙехь лаьттачу денойх а лаьцна.


Your browser doesn’t support HTML5

Деналбек: Ирча зама яра иза, тахана яц тоьлла...




«Хьозан кхоьш» («Чечевица») цΙе йолу операци а айина, цхьана дийнахь-буса схьакарийнарг цΙерпошташна чубетташ, лаьмнашкара охьабаха ца кхиийна нах бойъуш, багош вайнах махках стенна баьхна, цаьргара хΙун даьллера. Оцу хаттарна жоп нохчаша а лоьху, гΙалгΙаша а лоьху тахана а, даима а.

Шенначул, тΙетовжа билгало луш документаш ца карийнехь а, жоп къастийна, масала, историн Ιилман доктора Вачагаев Майрбека. Цунна иштта го вайнах Сибреха хьовсоран бахьана.


Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев: ХIун дара депортацин бахьанаш?




Шоьтан дийнан делккъехь буьйлабелира вайнехан депортаци дагалоцу барамаш гΙаланашкахь. Церан терго йо Маршо Радионо а. Тхан цхьа дехар хир дара вайнахе. Дахкийта Маршо Радионе шайгахь долучо депортацин тоьшалла ден суьрташ, документаш. И тоьшаллаш массарна дΙагайта лаам бу тхан. Маршо Радион сайтан цΙе: (ингалса маттахь) www.radiomarsho.com.