ЦIе яьллера "Грозный-Ситих" йолчу Олимп гIопах

"Грозный Сити" комплексах йолу цхьа гIап, 03Оха2013

Нохчийчоьнан коьрта гIалахь йогуш ю "Грозный-сити" олучу комплексах йолу цхьа гIап. ТIехь сахьт дерг ю иза. Цунах цIе яларх болу хаамаш а, суьрташ а микроблогаш чохь гучудевлла уггар хьалха.
Нохчийчоьнан коьрта Соьлж-гIалара 145 метр лекха, 40 гIат долу гIишло «Олимп» Москохал арахьа йолчу гIаланашкахь уггар а лекха, чохь ваха йиш йолу гIишло ю ерриг Оьрсийчохь. Соьлж-гIалин юккъехь, хIинца Кадыров Ахьматан цIе лелочу урамехь, Соьлжа-хи йистехь ю «Грозный-Сити» комплекс.

Баханчу Чиллан баттахь оцу комплексан цхьана гIишло чохь 5 чоь йолу петар елира Оьрсийчоьнан махкахалла дехначу Францера актерана Депардьё Жерарана. Дийцарехь, цуьнан петар йолу гIап яц йогуш ерг.

Ютюбера видео:

http://www.youtube-nocookie.com/embed/ZrSSpCwAjjw


ТIехь сахьт долчу йоккхачу гIопан цхьа агIо ю лахара дуьйна лакха кхаччалц, цIаргахь йогуш. Iаьржа кIур бу корашкахула арабуьйлуш. Бухарчу еа-пхеа гIат тIехь цIе яйъина бевлла цIеяйъархой. ЦIе яьлла хаам 18:15 яьлча бина бу.


"Грозный-Сити" комплексан цхьа гIап ю йогуш, 03Оха2013


Комплексана гонаха ха деш полици ю. Некъан полици ю цIе яьллачу метте леррина цIе йойъу машенаш а, сиха гIоьнан машенаш а тIекхачийта, гIо деш.

Хьалхуо Нохчийчоьнан бакъонийн органийн векало хаам бинера, цIе, уггар лакхарчу гIат тIехь яьлла ю, аьлла. Оцу гIишло чохь хIинца а бехаш нах бац.
ЦIе ялар бахьана цкъачунна къастаза дуьсуш ду.

Дийцарехь, леррина техника яц оццул лекха гIишло чохь яьлла цIе яйъа. Минводашкара леррина дехна, догIуш цIейойъу беркема ду.