«Грозный-Ситин» гIопах яьлла хилла цIе яйъина еарин буса

Еарин буса дIаяйъаелира Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь йолчу «Грозный-Сити» комплексан цхьана гIопах яьлла хилла цIе. ЦIе яларан бахьана, оцу гIопан арахьарчу пенан тIерчу сплит-системехь тоькан серий цхьанакхетар ду. И аьлла хаам бина тахана Орцаллин министраллин тIехьажаран департаментан директоро.