Иванишвилина комплимент хьажийна Лавровс



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс дΙахьедина, Кремло къобалдо Гуьржийчоьнан премьер-министр Иванишвили Бидзинас а, цуьнан Ιедало а дахаран агΙор шайн бΙаьргаш схьабеллар, Москох кийча ю гуьржашца юкъаметтигаш шоръян а, аьлла.
Амма Оьрсийчоьно юхалуьстур дац Абхази а, Къилба ХΙирийчоь а Гуьржийчоьнах йозуш цахиларан факт, элира Лавровс. И къамел цо дира Москох РТВИ-телевизионехула.
Цо шен мах хадийра Ιаьмеркахь арахеца кечйинчу «Магнитскийн тептар» олучу Оьрсийчуьра цхьаболчу хьаькамийн ахчанаш Цхьанатоьхначу Штатийн банкашкахь гΙорош хиларх долчу низаман а. Иза Конгрессо къобалъен русофоби ю, бохура Лавров Сергейс.