ЦарнаевгIаьрца ФБР-о къамел дечу муьрехь
Your browser doesn’t support HTML5
Журналист:
Маца даха дагахь ду да-нана Цхьанатоьхначу Штаташка?
Юрист Цадахаев Заур:
Ойла ю, маца гIур бу-м ца хаьа.
- ФБР-о гIо дой царна?
- Ца хаьа.
Саратова Хеда, нохчийн бакъоларъярхо:
-Дика, тΙекаре къамел хилла церан. Анзор селхана могуш вацара, цо тахана дина талламчашца къамел.
Дена-нанна хала ду кхета хиллачух, CNN чохь Тамерлан, могуш а волуш, полицино лаьцна вуьгуш гайтича-м муххале а. Ткъа шолгΙачу дийнахь иза вийна гойтуш вара. Уьш ца теша зорбан хьостанех, цара доцурш яздо прессехь. Оха дуккха а къамелаш дина деца-ненаца. Уьш къадбелла кху доллучух а.
Журналист:
Тамерлан кхузахь дΙавуллур вуй?
Цадахаев Заур:
Тарло иштта нисдала а. Канадера дейиша ю церан кхерамехь, цунна кхуза юхаян лаьа. Тамерлан дакъа цΙадохьуш ян лаьа шена, боху цо.