Нохчийн полисхошна йиттина ГIалгIайчохь


Шинарийн сарахь мехкийн юкъарчу «Кавказ» некъа тΙехула дΙабоьлхуш ГΙалгΙайчу кхаьчначу нохчийн полисхошна тΙелетта Соьлжан кΙоштара бахархой. Дов дирзина нохчийн ши полисхо, лазийна, Сипсу-ГΙаларчу дарбан цΙийне кхачорца.Иштта хаам баржийна ГΙалгΙайчоьнан полицин пресс-гΙоьнчалло.

Дов дирзинчу шолгΙачу дийнахь бекхамна арабевлла хилла нохчийн полисхой, совцийна, юхабаьхна Соьлж-ГΙаларчу Ιедало. Дов хΙун бахьанехь даьлла хоуьйтуш дац. Хилам бахьанехь ГΙалгΙайчуьрчу полицино лаьцна шайн махкара кхо вахархо.

Хьалхо иштаниг нисделира шина мехкан полисхошна юкъахь Таршхойн лаьмнашкарчу Эрштанахь. ХΙетахь а лазийнера шина агΙор массех полисхо.