Нижний Новгородера нохчий лохкуш ю ФСБ

Оьрсийчоь - Урень-гIала, Нижний Новгород-мохк

Маршо Радион сервисе орца доьхуш зΙе тоьхна Оьрсийчуьрчу Нижний Новгород-махкара. Урень-гΙалина гергахь меттигера къона белхахойн дΙатарбан лерина цΙенош деш ю 22 нохчочух йолу тоба. Цуьнга бухарчу ФСБ-н декъо а, полицино, сихха белхаш а битий, шайн Нохчийчу дΙагΙо аьлла пΙраскандийнахь.
Цхьа а бахьана о доцуш ду дина дΙахьедар. Нохчийн гΙишлошъярхойн коьртехь ву, дан тоьшалла а долуш, дика белхахо а, дика адам а - ТеркйистерчумНогΙамирзин-Юьртара Эдельмурзаев Хизар. Иттанаш шераш ду иза, шеца нах а буьгуш, Оьрсийчохь гIишлош ян лела. Цо балхийра тхоьга хΙинца шайна тΙебоссийна бала.


Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийн гIишлошъярхошка ФСБ-но цIа гIо боху





Нохчийчоьнан Ιедалан векалт ю Нижний Новгородехь. Маршо Радионо доьху цуьнан куьйгалхошка Эдельмурзаев Хизара дохучу орцанна гIовттар а, Iедалера жоп лахар а.