БIаьрзечара а доьшу Къуръан

Your browser doesn’t support HTML5

Шоьтан дийнахь Оьрсийчоьнан мехкашна юкъахь Къуръан дешаран къовсам дIабаьхьна Соьлж-ГIалахь. Цуьнан шатайпаналла яра декъашхой бIаьрзе нах хилар. Хафизаш баьхкинера Нохчийчу Дагестанера а, ГIезалойчуьра а, Ставропол-махкара а, кхечу меттигашкара а. Хаарийн мах хадочу жюрин коьртехь вара Кувейтан динан министран гIовс доктор Iадел Iабдаллах ал-Фаллахь. Толам баьккхина 13 шо долчу Халимов Аяза. Казанерчу «Ярдэм» маьждиган бIаьрзе нахана гIодечу центрехь ваьлла иза хафиз. (Маршо Радио/Cадулаев Муса)