Царнаев ЖовхΙаран дов ду луьстуш


Бостонехь лелхийтарш дарна бехкевечу шина вешех дийна висинчу Царнаев ЖовхΙаран девнан рогΙера ладегΙарш дΙадаьхьна Ιамеркан Бостонерчу федералан кхело. Суьдхочо прокурорашца а, адвокаташца а йийцаре йина дов листаран кепаш а, хьелаш а. Биъ бутт бу кхел йолаелла. Шена бехке дечу 30 зуламах цхьа а тΙе ца эцна 19 шо долчу Царнаевс.

Кху бΙаьста 3 стаг а вуьйш, 282 лаза а веш, Бостон-гΙалахь марафон йоьдуш ши эккхийтар дарна бехке во, хΙеттехь лоцуш полицино вийна волу Царнаев Тамерлан а, тΙаьхьо лаьцна хилла Царнаев ДжовхΙар а.