Еврокхело толлур ду кхин цхьа стаг а Нохчийчохь вар


Европан адмамийн бакъонашкахула йолчу кхело талла торуш ду аьлла сацам бина Нохчийчохь яхархо Гайсанова Зарема ядийна ярах долу дов. 4 шо хьалха Соьлж-ГΙалин Ленинан къоштахь лерина операци дΙахьочу Ιедалан урхалло йиггарх каронза йисина и 40 шо кхаьчна зуда.

ТΙаьхьо мехкан администратора Кадыров Рамзана «Ιазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочуьнна Каляпин Игорна хаийтина, дΙаяьхьначу операцин коьртехь ша вара, аьлла. «Мемориал» юкъаралла а, яйначун нана Гайсанова Лида а ю хилла бохам Европан кхеле кхачийнарш.