ХьаьжцIа гΙур вац декхархо


Нохчийчуьра хьажцΙа боьлхучийн хьалхара тоба новкъа ер ю кху пΙераскан дийнахь. Ткъа массо а хьаждийраш дΙакхочур бу махкара СаΙуда Ιарабе рогΙерчу беттан юккъехь. 2920 стаг ву кхушара Ночийчуьра Макка воьдуш. Царех цхьа дакъа ду махкарчу фондийн а, бизнесхойн а чоьтах новкъадолуш. Хьажошца хир бу нохчийн лоьраш а, муфтиятан векалш а.

Динан урхалло дΙахьедина, Ιедална ял яланза, декхаре вуьсушверг ФСБ-но волуьйтур вац Оьрсийчоьнан дозанах чекх, аьлла.