Сноудена ша хIуманна а бехке вац боху


Оьрсийчоьнан а, Китайн а каракхаьчна Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллин агенталлера къайлах документаш ша цаьрга делла дац, аьлла дΙехьедина, Ιамерко шпионаллехь бехке веш, цигара ведда волчу программиста Сноуден Эдварда. Ша «Нью-Йорк Таймсна» еллачу интервьюхь цо боху, шена хууш а, я ша докуменаташца йовдийна яц Ιамеркан къайленаш.

Ιамерко дерриг а дуьнено санна телефонашкахула, интернетехула ден къамелаш дΙаяздо, аьлла, Ιорадаьккхира Сноудена ша массех бутт хьалха Ιамеркан Штаташкара ведча. Оьрсийчоьно тховкΙело а елла, цигахь къайлаваьлла веха тахана Сноуден.