Байракхаш ягийнчарна гIуданаш тоьхна


Краснодарерчу стадионехь «Кубань» -«Анжи» тобанаш футболах ловзуш, Дагестанан байракх ягийна хьажархо кара а вина, цунна гIуда тоьхна, хаам бина полицино. И зулам динарг 19 шо долу Краснодарера жима стаг ву, полицино бахарехь.

Ишттаниг нисделира бутт хьалха Петарбухахь нохчийн «Терек» бухарчу «Зенит» тобанца къовсалуш а – цхьана меттигерчу хьажархочо ягийра Нохчийчуьрчу Iедалан байракх. 1000 сом гIуда туьйхира 23 шо долчу зуламхочунна, ткъа «Зенитна» тIедожийра 500 эзар сом гIуда.