Даржера вохон мега Мамсуров а, Боженов а


Деношкахь цIеххьана балхах вохийна ГIебарта-Балкхаройн президент Каноков Арсен а санна, даржах деношкахь мукъабаха тарло Кремло Къилбаседа ХIирийчоьнан а, Волгоград-мехкан а куьйгалхой Мамсуров Таймураз а, Боженов Сергей а. И хаам бийриг ду Оьрсийчуьрчу Iедална герга ларало «Известия» газета. Бахьанашлахь дуьйцу, царна бахархой реза цахилар, цара бухарчу элитийн барт чIагIбеш бацар, экономика тоъал кхиош яцар.