Шагделла Оьрсийчуьра Iедал


Дирзина шо низамалла шагдеш, меттигашкахь лаккхарчу даржашка ницкъаллийн урхаллашкара нах дIахIиттош дирзина Оьрсийчохь, цигарчу бакъоларъярхоша чIагIдарехь. Масал далош цара хьехадо, бизнесхо Каноков Арсен дIа а ваьккхина, цуьнан метта ГIебарта-Балкхаройчохь ницкъахо-инарла Коков Юрий хIоттор.

«Мемориал» юкъараллан куьйгалхочунна Черкасов Александрна хетарехь, масала, харцо яра Кремло мехкийн дай халкъе а ца хоржуьйтуш, дIахIиттош долу низам юкъадаккхар. Iедал шагдар – иза Сочерчу Олимпиаданна чIагIо еш нисделлехь а, оцу хьоло йисина демократи а хьошуш нисделлла, яздо Черкасовс зорбанехь шеран жамIаш деш.