Геббельсах бала хилла Вести-телеканалан белхахошна

«Вести» олучу Оьрсичура телеканало балхара дабаьхна ВГТРК-компанин интернет-сайтийн дирекцин SMM-редакцин белхалой. Царна бехке диллинарг ду социалан машанашкахь Геббельсан цитата хIоттор.

Нацистийн Германин пропагандан министр хиллачу Геббельс Йозефан цитата зорбане яьккхинера цара Ленин Владимирах лаьцна бевзаш болчу наха аьлларг довзуьйтуш.