Нохчийчохь лаьцна вевзаш волу юкъараллан жигархо Кутаев Руслан

Нохчийчохь Iедалша лаьцна вевзаш волу юкъараллан жигархо, Кавказерчу къаьмнийн Ассоциацин президент Кутаев Руслан. Цуьнах лаьцна хаам бина Кавказский Узел интернет-агенталло.

Цаьргахь болчу хаамашца, Кутаев Руслан лаьцна ГихтIахь, шен гергарчу нахе хьажа-хIотта вахханчохь. Iаьржа духар доьхначу герзаца хиллачу наха ша дIавуьгуш цо телефон тоьхна хилла меттигерчу «Объектив» олучу хаамин агенталлан куьйгалхочуьнга Саратова Хеде, шен проблемаш ю аьлла. Кутаев Русланан и проблемаш юьйлаелла цо Соьлж-ГIалахь хиллачу нохчийн къам махках даьккхина 70 шо кхачарна хьажийначу конференцехь дакъалаьцначул тIаьхьа.

Оццу конференцехь дакъалоцуш бара Нохчийчурча парламентан депутаташ а, Iилманчаш а, кхин болу а республикехь бевзаш болу нах. Новая газето бинчу хаамца, сарахь хиина Кутаев Хьалха-мартантIехь полицехь чувоьллина хилар. Цунна бехке дуьллуш ду наркотикаш лелор. Уьш Кутаевн кисина тийсина хиларх шеко яц газетан.