Сочера Паралимпан ловзарш Оьрсийчоьнан экспансин IиндагIехь дисина


Сочехь Паралимпан ловзаршкахь дакъалоцучу Украинан спортхойн хьалханчас Сушкевич Владимира даржийна, шен Путинца хиллачу къамелехь, цуьнга ша дийхира Украинера машар Iалашбар, аьлла. Украинан спортхоша-зIаьIапхоша дакъалоцу олимпиадехь, амма дерриг дийр ду Украинехула оьрсийн эскарша дIаса ца даьржарг, бохура Сушкевича.

Дерриг а дуьнено Оьрсийчоьнна Украине эскарш хьовсор емал дечу хьелашкахь дуьйладелла Паралимпан ловзарш. Ца яьхкина Соче Iамеркара, Францера спортхойн тобанаш.

Францхошна товш дац, ГIирма бахьанехь гIоьртина лаьтташ хьал а долуш, Соче баха, элира Парижера радиохь къамел деш Францин арахьарчу гIуллакхийн министра Фабиус Лорана.

Украина бахьанехь Паралимпан ловзаршна бойкот яр –йоккха харцо ю, бохура Путин Владимира а.