«Кавказан Къаьмнийн Ассамблейн» президент Кутаев Руслан дIахецар тIедиллина Оьрсийчоьнна Human Rights Watch организацино

Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch организацино Оьрсийчоьнан Iедалшка кхайкхам бина, «Кавказан Къаьмнийн Ассамблейн» президент Кутаев Руслан мелла а сиха дIахеца аьлла. Цунна тIехь ницкъ бар а таллар тIедиллина бакъонашларъярхоша.