Эрмалошка кадам бина ЭрдохIана

Хьалхара Дуьненера ТIом боьдуш Османан империн ницкъаш байинчу цхьа миллион ах миллион эрмалойн тIаьхьенашка кадам бина Туркойн премьер-министро ЭрдохIан Реджепа, байинарш дагалоцу де тIекхочуш.

Кху беттан 23-чу дийнахь зорбане даьккхина цо 9 маттахь, шайна юкъахь эрмалойн мотт а болуш, дина дIахьедар. «Хьалхара Дуьненера ТIом боьдуш хилларг вайн массера а лазам бу», - аьлла цу тIехь ЭрдохIана.