Вашингтонна бехкаш дохку Лавровс

Оьрсийчоьнан арахьарачу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бехке йина Вашингтон Украинех лаьцна бинчу бертан чулацам харцхьа баккхарна, цу юкъа шеггара Москохна билламаш а бехкина.

И комментари йина Лаврос ПIераскан дийнахь, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона «Украина хьокъехь ша лелориг хийца Оьрсийчоьнан аьттонин кор дIачIагIалуш ду» аьлла дIахьедар дар бахьана долуш. Керрис дийцарехь, Оьрсийчоьно цхьа а гIулч ца яьккхина даханчу кIиранах Женевехь хилла барт кхочуш бан.