Францерчу Нормандехь къамел дина Обамас а, Путина а

Францерчу Нормандехь кху дуьнентIера лидерийн цхьанакхетарехь Iамеркан президенто Обама Барака доцца къамел дина Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Украинехь кризис иккхинчул тIаьхьа вовшен а гуш дуьххьара вист хилла и шиъ.

Кху тIаьхьарчу масех кIиранах шина президенто къамелаш дора телефонехула. Вашингтоно бинчу хаамца, 10-15 минотехь хилла долу и вистхилар формалан йоцучу кепехь дина дара.