Дуьненна тIом къахьбан гIерта Евлоев Назир

Германи -- Дуьненаюкъарчу Блоггерийн ассоциацин куьйгалхо Евлоев Назир

ТIамо кхачош хуьлу кхоллам кхаьчна Германехь вехачу Евлоев Назирна. Иза ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран пресс-секретарь вара, ша чохь воьду машен а иккхина, ког боккхуш....

Your browser doesn’t support HTML5

РогIера акци





Кавказехь яхъелла лаьтта тIеман драма, дела денна бойъу, айпе бо нах. Дуккха а дукха шераш а ду и ирча хьал цигахь Кремло а, бухарчу цуьнан верасаша а латтаде.

Германера лоьраш бу Евлоев Назир ца волуьйтуш, денвинарш, цундела Далла а, ша вехачуьрчу лоьрашна а хастам бо Назира.

Тахана иза гоьваьлла интернет-блоггер ву. Вац иштта дIа блоггер а, ша шо хьалха бIеннаш блоггерш вовшах а тоьхна, кхоьллинчу дуьненаюкъарчу блоггерийн ассоциацин хьалханча ву.

Шен таханлерчу дахаран оцу агIонах лаьцна цо иштта дуьйцу.


Евлоев Назир интернет-блоггершца шен лелачу юкъарлонаша валийра цхьа хан хьалха ша йина чIагIо кхочушъече. Ша лазийначул тIаьхьа, денлуш, цо дош делира ша-шена дуьнентIехь яккха йисина зама машар чIагIбеш, адам Iалашдечу Iалашонашна дIалур ма ю ша аьлла.

Кху бIаьста шеца гергарлонашкахь болу дуккха а блоггерш а гIовттийна, вайнехан Iадатца йозу, ша «Машаран йовлакх» цIе тоьхна, акци гIаттийра цо. Иштта кхечира блоггерш цIеяла кийчча йолчу ГIирме адамашка машар кховдо.

Your browser doesn’t support HTML5

Машаран кортали




Тахана рогIера акци ю Евлоев Назира кечъеш. Машенан ковранахь иза а, цуьнан накъостий-блоггерш а арабевр бу, шахьаршкахь сеца а сецаш, ерриг а Европехула машар кхайкхош.

Your browser doesn’t support HTML5

РогIера акци



Назирца а, цуьнан дуьненаюкъарчу блоггерийн акцица а шен машаран Iалашонаш йогIуш хиларе терра, гергарло тесна Маршо Радион нохчийн редакцино а. Оха тIаьхьо алссам дуьйцург ду Евлоев Назирах а, цуьнан ассоциацех а, цо машар баржош бечу балхах а лаьцна.

Назир санна, дуьненна машар хьоьху, марзбе нах алссам хилча йицйийр ю адамаша гамонаш, историн терхеш тIехь буьтур бу вовшийн хIаллакден тIемаш, мостагIаллаш.