Бехк боцу нах байина низамхоша Дагестанехь

Дагестанерчу УнцIукулан къоштахь дахначу кIирандийнахь ницкъахоша тIеман операцехь вийначу пхеаннах шиъ тIемало а ца хилла, чIагIдо меттигерчу бахархоша. Кхо эзар гергга полисхо а, эскархо а гулвина бира тIом Балахани, Зирани, Майдан олучу ярташна гергахь. ТIемалошца цхьаьна вийна и шиъ маьрша вахархо вара, дуьйцу журналисташка бахархоша. Оцу ярташкахь операци дIахьош лецна нах а бу, хаам бо тешаша.