Германин футболан тоба тоьлла Бразилехь хиллачу чемпионатехь

Германин футболан тобано толам а боккхуш дIайирзина Бразилехь футболан дуьненан чемпионат.

ТIаьххьарчу матчехь, жамI цхьаъ ноль а долуш, Германин тобано толам баьккхира Аргентинин тобан тIехь. Толаман гол чутоьхнарг вара Гётце Марио.

Европерчу футболан тобано дуьххьара толам баьккхина Латинин Iамеркехь дIахьош хиллачу дуьненан чемпионатехь.