Оьрсийчура кхераме гуманитарийн ковра

Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс дIахьедар дина, Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIар олучу комитете, дуьненаюкъарчу низамашца дуьйстина а бен гуманитарийн гIо шайн махка доуьйтур дац шаьш аьлла. Яценюка чагIдарехь, Украинин Iедалш таро йолуш ду шайн мехкан Малхбалехь болчу бахархошна оьшург латто. Цо дийцарехь, Украино хIинцале а дIакхачийна цу регионе 270 тонн гуманитаран гIо.

Хьалхо Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена яздинера шен Facebook-кехь йолчу агIонна тIехь, Киево Харков кIоштехула чекхйолуьйтур яц гуманитарийн гIоэцна йогIу Оьрсийчоьнан ковра аьлла. Шен агIор Украинин къоман кхерамазаллин а, тIеман а кхеташонан спикеро Лысенко Андрейс дIахьедар дина, шаьш кийча ду оьрсийн ковран кхерамазалла латтон аьлла.

Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран комитетан Киеверчу векло Лерш Андре-с хаам бина Кхаарин дийнахь, шайн организацехь буьззина хаамаш бац Оьрсийчоьнан киралелон машенаш тIехь долчух лаьцна аьлла. Цо дийцарехь, ЦIен ЖIаре кхаьчна информацица билггал хууш дац цу машенаш тIехь хIун ю.