Оьрсийчура политикан партеш къуьйсуш бу ГIирмера харжамхой
ЛДПР-ро гойтург ву шайн баьчча Жириновский.
Агитаци девне мел хуьлу а, гIоле ду аьлла хета иза лелочарна.
Партеш талхо гIерта вовшен агитаци.
Иштта ю меттигерчу кандидатийн агитацин материалаш.
КПРФ а ю шайн баьчча гойтуш.
«Справедливая Россия» партино шайн лидер гойтуш вац шайн материалашкахь, иза гIирмахошна вевзаш цахиларна. "Дийру ду а ца бохуш, до шаьш" боху цу партин векалша.
Уггаре а дукха агитаци ю "Цхьааллин Оьрсийчоь" цIе йолчу "Оьрсийчоьнан дахарца дахар" слоган лелочу партин.
«Патриоты России» партин дIоггара аьттонаш боцучух тера ду шен агитацин материалаш кечъян. Уьш дукха яц.
«Родина» партино эйина политикан агитаци а, вандализм а.
Партийн идеологина юкъахь дIоггара башхаллаш яц. Массара а дуьйцург ду ГIирма юхаерзор а, Путин Владимир хестор а.