Магомадов Русланан "Чиллан-бутт" тоьлла Казанерчу конофестивалехь

«Февраль» "Чиллан-бутт" олуш йолу йоццу исбаьхьаллин филм тоьлла 10-чу Казанерчу Дуьненаюкъарчу бусулбан кинофестивалехь. И фестивал дIачIогIуш церемони хилла Казанехь Еарин дийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара дуккха а дерриг а дуьнентIера кинохь болх беш болу говзанчаш а, ткъа иштта беза хьеший а.

«Февраль» яьккхинарг ву режиссер Магомадов Руслан. Цу филмехь гойтуш бу нохчийн шина къентан кхоллам 1944-чу шарахь нохчий махках баьхначул тIаьхьа. Режиссеро Магомадов Руслана дийцарехь цуьнан филмо дакъалоцур ду кестта Австрехь а, Италехь а хир йолчу киофестивалашкахь.