"КъинтIера ялахьа, сан Нана-ДегIаста!"

"Нохчийн мухIажираш". Урдунера суртдиллархо Везаш.

Нохчийчохь Кремло ШолгIа тIом болийча алссам бахархой бевлира махках. Дуьне ма-дду дIасабаханчу нехан Нохчийчоьнан администрацин балабацаре терра, билггал хууш дац оцу нехан бакъдолу терахь. Цара шаьш бахарехь, ду иза 200 эзарнал а совъоьккхуш....

Москох - Прага. ХIавел Вацлаван аэропортехь кемантIера охьайоьссича, суна дуьхьалбаьхкинчу нохчаша «Привет!» я «Hello!» сайга олучу меттана, цIенчу нохчийн маттахь къамел дича, со гIеххьачул цецъелира. ХIунда аьлча, Европе дIабаханчу нохчийн лар йовр ю, «яйна тIаьхье» ю, къоман гурашкара а бевлла, хийрачу нехан динца нохчий лелаш бу, шайн мотт а бицбина, бохуш, Нохчийчохь даим олуш хеза.

Сан лаам хилира гинчу суьртах тоам а ца беш, кхидIа а талла Нохчийчохь цхьаболучара «яйна тIаьхье» олучу нехан Iер-дахар. Оцу Iалашоно ялийра со Австрехь, шен оьмаро, шех доьзна доцчу бахьнашца, Нохчийчуьра хийрачу махка кхачийначу Сатаева Iайшатан хIусаме.

Iайшат кхаа доьзалхочун нана ю, берийн бераш а долуш. ТIеман шерашкахь оьрсийн эскарша цIийнда вигина, доьза вайина цуьнан.

Маршо Радиоца хиллачу къамелехь цо бовзуьйту Европехь бехачу нохчийн хIусамашкахь ша бина тидамаш.

Your browser doesn’t support HTML5

Сатаева: "ЦIахь болуш санна гIиллакх-гIуллакх леладо..."

Нохчийчоьнах шайн бозу маша хадарна кхоьруш, нохчалла ларъеш, Даймахке сатуьйсуш, лерг диллина, цхьана дикане сатуьйсуш Iаш, Даймахкахь долчуьнга ладоьгIча, «тхо-м масмаликаш ма ду» олий хета шена боху Iайшата.

Your browser doesn’t support HTML5

Сатаева: "Нохчийчоь ю хIаллакьхулуш, чекхйолуш"

Iайшатан йоI Марха яра шен нана йолчу хьошалгIа еана. Австрехь дуьненчу даьлла цуьнан кхуьй а бер. Доккхахдолу ши бер немцойн берашца цхьаьна берийн беша лелаш ду. Цо дуьйцу шайн хIусамехь лелачу ламастех лаьцна.

Your browser doesn’t support HTML5

Абубакарова: "Оха чохь берашка нохчийн мотт бен ца буьйцуьйту"

Нохчаша ког биллаза латта хир дац кху дуьненчохь. Гоьяьлла нохчийн иллиалархо Рамзаева Бирлант еха Канадехь. Цо тахана а йоху шен къомана а, шена а хьайначу баланех, лайначу а, ловчу а халонех эшарш. Къамел долалуш, ас сайн программин тема йовзийтича, цо элира: «Телефонехь дийцар-м дош а дера дацара, хьан тхо долчу ян аьтто хилча, факташ хир яра хьан».

Иллиалархо Рамзаева Бирлант

Your browser doesn’t support HTML5

Рамзаева: "ДIадахар дуьйцу, ткъа бахьана хьаха а ца до"

Канадица къамел дерзийча, Маршо Радио зIене елира Швецица. Цигахь беха нохчий а кхеташ бацара, хIунда олу шайх «яйна тIаьхье»? Тхоьца хабаре ваьллачу поэта, Даймахкахь а, Европехь а нохчийн, шведийн, ингалсан меттанашкахь арадийлина тептарш а долчу Юсупов Iилмана дийцира шена зенделларг.

поэт Юсупов Iилман

Your browser doesn’t support HTML5

Юсупов: "Суна ца го Европехь къоман хотIах боьхна нохчий"

Нохчийчоьнца дахаран некъаш хеддехь а, ца хедда дукхахболчу Ероперчу нохчийн Даймахкаца йозу синан зIенаш. Буьйцучу меттан а, буучу кхачанан башхалла а шайн къоманиг ю нохчийн доьзалашкахь: чIепалгаш, хингалш, жижиг-галнаш, бIараш.

«Со мила ву? Муьлш бу сан ворхIе а дай? Сан орамаш? Сан мохк?» - цу хеттаршна жоьпаш леха а ца оьшуш карадора тхан къамел хиллачу хIора а Европерчу нохчочунна.

Даймахках къастаран бахьанаш мухха хиллехь а, цара цкъа а диц ца до шайн орамаш, шаьш оцу орамех Кремло хердинехь а.

Амма массо а вац нисвелла, чIагIвелла, вуьззина динца, маттаца лелаш кхузахь. Вайн цIахьберш а ма баций гIиллакхехь-оьздангаллехь тIех совбевлла, бохура Австрехь вехачу боккхачу доьзалан дас Магомадов Виситас.

Your browser doesn’t support HTML5

Магомадов: "Къомехь йоцу паргIато ю тхоьгахь"

Малхбузерчу дахаран хотIе бирзина, я нийсачу некъах боьхна лелаш ца карийра суна вайн махкахой. Дехха хилира тхан къамелаш. 13 шарахь Сибрехахь Даймахках хьегначу вайн дайн-нанойн сингаттамаш хаалора церан аьзнашкахь.

Нохчийн барткхоллараллера ду хIара дийцар: «Ширачу заманахь, хIинца нохчий бехачу лаьтта тIехь, ваха хиина, боху, цхьа стаг. Декхначу дийнахь анайистехь гучуяьлла, боху, цхьа исбаьхьа хаза йоI – Малх-Аьзни. Дала оцу лаьтта тIехь цхьаьна даха, цхьа доьзал кхион кхоллам белла хилла царна.

ЦIийнадас, доза къастош, нахарца мохк а аьхна, аьлла, боху: «ХIинца дуьйна хIокху лаьтта тIехь вехар ву со, сан доьзал а, сан доьзалийн тIаьхьенаш, диканца веанчу хьешана хьошалла а деш, тIом бохьуш веанарг тIамца вуха а тухуш, гIиллакх-оьздангалла а ларъеш.

Кхул тIаьхьа буьйцур бу хIокху лаьтта тIехь дехачу адамаша нохчийн мотт, хIиттор ду ловзарш, дийр ду хелхарш, эр ду наноша аганан иллеш, кхиор бу оьзда доьзалш».

И аьхна дийцар дIадахдеш, лаьар-кха пана махкара вайн йижарий, вежарий цIа а бирзина, хIуттийла и той…