Юьртбахам кхион хьажийначу 100 миллирд соьмах кепек а кхочур яц вайнахана

Оьрсийчоьнан Iедало 100 миллиард сом гергга ахча хьажийна пачхьалкхан къилберчу регионашкахь юьртбахам кхион. Ахчанна куьг яздинарг ву премьер-министр Медведев Дмитрий. Юьртбахамаш тобан, дебон аьтто бу луш Волгоградан а, Ростовн а, Ставрополан а мехкашна. Яц церан декъахь я Нохчийчоь а, я ГIалгIайчоь а.