Нохчашкара ял схьайоккхуш ду Iедал

Нохчийчохь де-буьйса а доцуш, нехан хIусамашкахула а лелаш, тоькан, газан мах, коммуналан ял гулъеш хьийзачу лерринчу штабо 5 дийнахь схьагулдина нахера 27 миллион соьман декхар. Ткъа «Чеченэнерго» кампанино бахарехь, доларчу хIусамаша ялаза юьсу ял ю миллиард соьмана. Ял дIа ца яларан коьрта бахьана ду нахехь ахчанаш дацар.