Цицигашна а, жIаьлешна а хила деза кешнаш

ПрахIера кешнаш гIалин йистехь ду, БохIнице олучу меттехь, цхьана паркана уллохь.

Арахь Iа делахь а, кешнаш дIатесна дац. 

ХIара кешнаш Iедалан карахь дац. Цхьа тоба нах вовшах а кхетта, долийна ду хIорш.

Билггал муха дуьйладелла и тайпа кешнаш, хууш дац. Амма цхьаболчара дийцарехь, цIера дийнаташна лерина кешнаш дуьххьар 1896-чу шарахь Нью-Йоркехь долийнера цхьана ветеринаро. ЖIаьла а делла, холчохь хилла волу шен доттагI гуш, шен Iежийн беш дIаелла хилла цуо, цуьнан жIаьла латтах долла. Тахана цу кешнашкахь 80 эзар сов жIаьлий, цицигий ду боху дIадоьллина.

Цхьадолчу дийнаташна чурташ доьгIна ду.

Шийла елахь а, керла зезагаш дукха ду кху кешнашкахь.

Кешнашна чIогIа дола деш ду.

Билггал маса каш ду кхузахь, ала хала ду. Амма маситта бIе хIети-вети хир ду.

Зезагаш, зезагаш массанхьа.

Виц ца ло шен доттагI.