Шайн дай-наной, тайп-тукхум, къам санна, сина паргIат кхуьу нохчийн бераш. Тайп-тайпанарчу меттигашкахь фотообъективо схьалецна ду хIара васташ – берийн синпаргIаталла, аьрха, ира, беламе амалш! Сурташ вовшахтоьхна Димаева Лизас/ Маршо Радио.
Самукъане бералла
ГIаланаш - царна, зезагаш - вайшинна!
Еанчу набарна гIайба ца оьшу
Карор-м ю суна Нанас дIаехкина кампеташ!
Нанин Хударбай
Хьолахойн делкъе
ДоттагIий схьахилча - тайнигаш яц, тайнигаш хилча - доттагIий бац!
Зудаберийн къайленаш дуккха а ма хуьлий...
Соьлж-ГIаларчу гIовгIа-гIаранах ведда кхаьчна тхойшиъ Баба йолчу!
Ма къена хили шун и чай!
Бераш санна ловзу-кх оцу чуьра баккхийнаш!
Тхо даккхий хилахь, якъо-м хир яц шуна театрехь актерашна!
Гергарлонашна новкъа яц керт, иза аьчка хиларх а!
ХIордан малхе дегI ца дагадайта воллу Сайд-Ахьмад
Бедар харцхьа йоьхча, некъ тов ма-олура Дадас!
Ресторане ваха Iемаш лаьтта суна!
Мичахь бу и мехкарий, со кийча ву-кх!