Премьер-министр лаьттинарг лаьцна ТехIерано

ГIажаройн иформацин агенталлаша хаамбо шайн махкахь премьер-министр лаьттина БагIаи Хьамид довзуьйтуш доцчу бахьанашца Iедало лацаран хьокъехь.

ГIажаройн кхелан пресс-секретара МохIсени-Эйе ГIуламхьусайна бахарехь, Ахьмединежад президент волуш болхбина БагIаи оршотдийнахь лаьцна. Биъ бутт хьалха иштта лецира БагIаин гIовс хилла РахIими Мохьаммад а. Пхи шо хан набахтехь яккха а къастош, миллион сов доллар гIуда дожийра цунна тIе. Таханлерчу президентан РохIани Хьасанан Iедало и нах бехкебора цара Iедалан ахчанаш лечкъорна.