Алагирехь хих ундаларна бехке ду Iедал

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Алагирехь бахархошна хих ундаларна бехке ду кIоштан Iедал, дIахьедина оцу гIала веъначу Оьрсийчоьнан гIишлашъяран а, коммуналан бахаман а министран гIовса Чибис Андрейс. Хидоккхучу хьостанехь санитаран хьелаш ца лардар, хи чугулден гIишлош технологин низамехь йина яцарна телхина хи, бохура цо.

Дерриг а кIиранах дарбан цIеношка бохкуш бара молучу хих ундаьлла алагирхой. Виъ бIен сов вахархочунна кхетта лазар. 220 стаг вуьсу хIинца а дарбан цIеношкахь, хаамбо оьрсийн ТАСС-агенталло.