Нехаш бахьанехь даржера вохийна имам а, юьртда а

Кошкхаьлдара юьртда а, къеда а даржашкара баьхна оцу юьрта вахана хиллачу мехкан администратора Кадыров Рамзана. Бахьана – юьртахь нехаш карор, маьждигна гергахь яраш хааялар.

Хилам бакъбо Гуьмсан кIоштан администрацехь. Оршотдийнахь нехаш йохуш белхи бина Кхошкхаьлдахь. Имам даржера вохор нийса ду аьлла мах хадийна хиллачун Нохчийчоьнан муфтиято.