Керла доьзал бу кхоллалуш

Маре йоьдучу йоIана кечдина тIорказаш. ЙоI кхиа йолаелчхьана дуьйнна гулдан доладо уьш.

Кхузаманахь юкъаяьлла кеп ю арадаккха кечдинчу нускалан кара зезагийн курс юьллуш.

Нийсархойн маре йоьдучуьнца даьхна суьрташ дехар ду даима а.

Селфи йоцуш муха мегар дара кху дийнахь!

Нускална - маре, берашна - ловзар!

Марзахой шайн доьзале керла нус схьакхочучу юкъанна Iа тойдеш.

ДецIера ара а даьккхина, машена хаош ду нускал.

Зуда хьовзон новкъа йолуш ю машенийн ковра.

Кегийчарна таксеш а хуьлуьйту тоаме.

Некъ лаьцначу берийн кара дикка хIума южур ю тахана!

"Комаьрша бара нускал эцна бахнарш-м, хIинца кху ахчанах хIун дийр ду хаахьара: нанига дIадала я айса телефон эца гулдечу ахчанах дIатоха..."

Зуда хьовзош хьалхайовларх къовсало машенаш. Ца лоьру некъан низамаш.

Дог деттало нускалан керлачу хIусаман керта йоьдуш.

БIешераш ду кху ламастан: несан хьалхара доьзалхо божабер хилийтархьама жима кIант луш Iедал ду нускалан кара.

Уггаре экаме мур - марнана йовзар, цунна хьалха гIиллакх ма-оьшшу гайтар.