Ваша, аьчка дин муха бу хьан?!

Японхочо машен ша нохчочунна еш санна дика йина. Алссам ю махкахь Японехь йина машенаш.  

Машен ца хилча ца магарна лелаен "Жигули".

"Мерседес" йоьдуш яйча цергех хи долу.

Бурко а новкъа яц.

Раритет - ерриг а гIала цецйоккху Iаламат. 

Ваха гIертачун конка.

"Сан машене мох лоьцуьйтуш..."

ХIара а ву-кх ваха гIерташ!

"777" - маца хир ю со ирсе? (кхо "7" долу машен гича мехкарша эриг).

Хьо ваьхьар варий кху таксица дIасаваха?!

Таро йолучо иштаниг а хохку.

ДIайоьдуш хилчхьана!

Машенал оьшуш-м яц!

"ДогIа дарна-м ца кхоьру хьо со йилича?"

Некъийн пусар деш а йоцу машен.

Ша саннарг цхьаъ бен йоцург.

Кхечунхьа дIакхелхаш дика ю хIара машен.

Меллаша ваханарг - воьдуче кхочур ву.

Нускал дало воьдуш юьгу машен.

Iаьржа бос модехь бу Нохчийчохь.

Машен – заманан хазна. Бахамаллин битам. Хан хене мел йолу хийцало урамашкарчу машенийн тайпанаш, башхаллаш. Таро йолучо еза машен лелайо, йоцучо – таро ерриг!