Бисултанов Апти. Iуьйренаш шу марша Iойла...

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Iуьйренаш шу марша Iойла...

Бисултанов Апти

ГIалартийн шозлагIа гуо

(багонза бисинчийн назма)

Iуьйренаш, шу марша Iойла,
Суьйренаш, шу марша Iойла,
Тхо дIадоьлху ДегIастана,
Сийна Сибрех, марша Iойла.

Малх схьакхеташ хилла Сибрех,
Малх чубузуш хилла Сибрех,
Лаьттан кийрахь, кешнех хьоьгуш,
Тхан дай буьсу шийла Сибрех.

Малх схьакхеташ Даймохк бу тхан,
Малх чубузуш Даймохк бу тхан,
Сийсазйина кешнийн керташ,
Тхоьга кхойкхуш Даймохк бу тхан.

Доза доцу шуьйра Сибрех,
ЧIагIо йоцу хийра Сибрех,
Хьуо елхийна миска наной,
Тхан дIаэцна шийла Сибрех.

Доза доьхна Даймохк бу тхан,
ЧIагIо йоьхна Даймохк бу тхан,
Акхадевлла лаьмнаш херцаш,
Тхуна боьлхуш Даймохк бу тхан.

Тхо, тхаьш лайнарг, лайна девли.
Тхайна гинарг, гина девли.
Дела воцург накъост воцуш,
ХIокху хене тхо ма девли.

Лан йисина марзо ю тхан,
Ган дисина лаьмнаш ду тхан,
ДегIастанан хьаннийн кийрахь,
Кхолла езаш маршо ю тхан.

Iуьйренаш шу оха йити,
Суьйренаш шу оха йити,
Кхин ца лела чIагIо йина,
Сийна Сибрех оха йити.