МухIажирш кхалхарна бехке хила мега ши стаг лаьцна Австрин полицино

Австрехь 71 мухIажар валарна бехке хила мега аьлла кхин а ши стаг лаьцна меттигерчу полицино. Даханчу Еарийн дийнахь киралелочу машенна чохь карийнера белла нах. Цунна бехке волу цхьа стаг лаьцна Болгарехь, важа – Венгрехь. Верриг а и къиза бохам хиларна бехке хила мега аьлла Iедалша лаьцнарг ву 7 стаг.

Полицина хетарехь, уьш хилла къайлаха Европе мухIажирш дIахьежош йолчу зуламхойн тобан декъашхой. Оршотан сарахь лаххара а 20 эзар стаг демонстраце араваьллера Венехь мигранташна гIортор ян. Австрин куьйгалхоша ламазаш дира килсашкахь, шайн махка кхача гIерташ кхелхина мухIажирш дагалоцуш.