Шира хьер

Йоккха хан йолуш, шира юьрт ю Хаьмби-Ирзе.

КIа огу керла тIулг буьллуш, хьерачуьра арабаьккхина хилла боху шираниг.

Хаьмби-Ирзерчу хьеро дуккхаза а хийцина, баа а луш, дама доккху тIулгаш.

Юьртахь кегийрхоша, шайна  самукъадала меттигаш кIезиг хиларе терра, ларъеш латтайо шира хьер.

Хин ницкъах пайдаоьцуш, ной дуьхьал боккхуш хилла хьере болхбайта болош.

ХIинцца хьер йоло а таро луш догIу аьхк.

Хьеран бера а бу баабаланза.

Iалихан, Хаьмби-Ирзера жимастаг деладенна а хуьлу ширчу хьерахь.

Баккъал а садаIа милла а ваха тарлуш хаза ю хьера лаьтта меттиг.

Болх бан йолалуш ю хьер.

Маршо Радиона хьеран болх гойтуш, дама даьккхира Хаьмби-Ирзерчу бахархоша.

Хьера шен "долаерзийна" юьртахь массарна а девзачу цициго.

КIа чудухку ной.

Дама охьу бера.

...Билггал хууш дац хIара нохчаша туьйранашкахь дуккхазза а хьехош йолу, ца хилча ца йолуш хилла гIишло маца йиллина. Баккхийчара дийцарехь, иза латта а юьсуш, бигира депортаце Хаьмби-Ирзера бахархой.