Оьрсийчоьнна ямарт хилла аьлла 14 шо хан тоьхна эпсарна Кравцовна

Оьрсийчоьнан эскаран Коьртачу штабан Коьртачу талламан урхаллин белхахо хилла волу Кравцов Геннадий чувоьллина Москох гIалин суьдо 14 шо хан а тоьхна. Цунна бехке диллинарг ду пачхьалкхана ямарт хилар. 14 шо хан цу стага токхур ю луьрачу хьелашкахь. Суьдхочо Кравцов ваьккхина подполникан даржах, цо динарг вуно деза зулам ду аьлла.

Шен агIор Кравцовс шен цхьа а бехк бац бохуш чIагIдо. Кравцов Геннадий дIалацарх лаьцна хаамаш баьржира кху шеран Чиллан-беттан 6-чу дийнахь. Цуьнан адвокато дийцарехь, Кравцовс ямартло йина Швеце шен резюму а яхьийтина. Болх лохуш волчу цу стага хаам бина хилла, ша хIун болх беш хилла а, хьулйина йоцучу «Целина-2» олучу космосан аппаратах лаьцна а. Пачхьалкхан къайленаш ларйеш Кравцовна тIехь суд йира къевлинчу рожехь.