Бадалов Руслан - къоман юьхькIам

Спортхо, бакъоларъярхо Бадалов Руслан.

Бадалов Русланан совгIаташ.

1985-чу шарахь хиллачу турниран толаман Кубок.

Бадалов Руслан охьатохархлатархочуьнца, рестлерца, масийттаза дуьненан, Европан, Советан пачхьалкхан чемпионца Хасимиков Салманца. (аьрро агIор)

Оьрсийчохь шуьйрра евзачу бакъоларъярхочуьнца Москаленко Кариница.

Бадалов Руслан 60 шо кхачарца декъалвеш Хьалха-Мартанарчу берийн, кхиазхойн спортан школано цунна дина совгIат.

Бадалов Руслан тренершца Тавбулатов Умалтца а, Абдулаев Мовладица а.

Тренерца Вараев Iадланца а, телевизионан операторца а. 

Толамийн тоьшаллаш.

Къилбаседа ХIирийчоь, 1982 шо. Советан пачхьалкхан чемпионатехь толамбаккхаран совгIат.

Оьрсийчоьнан Спортехь Латаран Федерацин президента Мамиашвили Михаила а декъалвира Бадалов Руслан винчу денца.

1982-чу шарахь Канадин Кубок яккхина Бадалов Руслана.

Русланна уггаре беза "бахам".

Нохчийн сий айдарехь, мехкан спорт кхиорехь Советан пачхьалкхехь а, Европехь а паргΙатчу кепехь леташ маситтаза чемпион ваьлла а, тΙаьххьарчу шерашкахь шен къоман бакъонаш къийсарехь а гоьваьлла Бадалов Руслан. Маршо Радион фотокорреспондент Елхоев Леча хилира цуьнан хIусамехь.