ЗаьIапхошкара Iазап

Таронаш ледара ю Нохчийчохь гIудалкхчохь лелачийн.

Ледара ду туьканна тIевоьдийла.

"Юьхь" лаьцна накъост воцуш маьрша дIасагIойла дац.

Аьтто хилла кхуьнан пультаца лела гIудалкх эца.

Инвалидашна билгалъяьхна машенан хIуьттийлаш.

Наггахьчу урхаллехь, хьукматехь нисло пандусаш.

НекъаштIехь дина тема.

ЗаьIапхойн ойла а ца еш дина ламеш.

Иштта мукъане а хилча дика дара заьIапхошна.

Ца ваьллачу денна бен волийла дац кху хIусамера инвалид дуьнене бIаьрг тоха ара.

ЗаьIапхойн социалан хьукматехь хила тарло дуккха а гIуллакхаш, амма бац некъ чукхача.

Адамшкара терго оьшу инвалидашна.

Муьлххачу а цивилан пачхьалкхан дикалла оцу махкахь бехачу бахархошна, къаьсттина заьIапхошна кхуллучу дахаран хьелашца юста еза, олуш ду.