Бисултанов Апти. ШагатIулгаш

Нохчийчоь, Ведана 2016

Бисултанов Апти

ШагатIулгаш (дагардар)

ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
Хьан дог ма ду шагатIулган
Цо дуй биъна сох ца кхета
Сан сингаттам дош ца хета
ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
Хьан дог ма ду шагатIулган

ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
Сан дог ма ду шагатIулган
И чIагIделла хьох ца кхеташ
Хьан кураллаш дош ца хеташ
ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
Сан дог ма ду шагатIулган

Хьарам – барам – цIело – гIело
Дегнаш ду вайн карахь лелош
Цкъа вай вовшийн дуьхьалкхетахь
Я эвхьаза я эхь хеташ
Цкъа хьан куьйгах сан куьг кхетахь
Я сан куьйгах хьан куьг кхетахь
ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
Зулам хир ду шагатIулгех

ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
ШагатIулго шагатIулгах
Суй баккхарна кхерам беца
Даькхнаш санна йокъа лайна
Кхарзаделла долчу вайна
И цхьа суй а тоьур беца
Кхетта сенчу цIарах дага
Ишта хIара дуьне даго

ХIацIи – бицIи – бицIахь – цIулга
Дегнаш ду вайн шагатIулган
Хьарам – барам – цIело – гIело
Зулам ду уьш карахь лелор

(Ешна Радуева Зураъа)