128 стаг вийна Парижерчу терроран тохаршкахь

ПIераскан сарахь герзашца динчу тьIелатарехь вийна Парижехь 128 стаг, лазийна 200 гергга.

Хьалххе кечйинчу Iалашонца Парижан массех маьIIехь дина тIелатарш. «Батаклан» театран-концертан центрна, Жима Комбоджа» ресторанна, «Ле Карийон» барехь, оцу меттигашна гонаха байина маьрша бахархой.

«Стад-де-Франс» стадионехь Германин, Францин футболхой ловзуш дина кхо эккхийтар. Футболе хьовсуш хилла Францин президент а Олланд Франсуа а, цхьацца мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министраш а хилла, уьш сихха кхерам боцчу меттигашка дIабигина.

1500 стаг вара закъалте лаьцна «Батаклан» центрехь - Iамеркара еанчу рок-группан хьовсархой. Царех вийна террорхоша 70-100 стаг, бохуш хеза кеп-кепарчу хьостанашкара. Буьйса юккъе яхча штурмаца мукъаяьккхина полицино террорхоша лаьцна латтийна и гIишло.

Сиххаллехь кхеташо дIахьош президента Олланд Франсуас омра дира, Францин дозанаш дIа а къовлуш, орцан хьал кхайкхош. Шотаденна къевлина ю Парижехь школаш. Бахархошка дехна шайн-шайн цIахьсовцар.

Эскарш ду Париже оьзна. Урамашкахула лела полици ханаш. Официалехь жамI довзийтанза ду цкъачунна Парижехь динчу тIелетарийн хьокъехь.