Бисултанов Апти. Цхьа а тайпа пафос йоцуш аьлча

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Цхьа а тайпа пафос йоцуш аьлча...

Бисултанов Апти

Цхьа а тайпа пафос йоцуш аьлча

сан мостагIийн яххьаш яцара
даима а цхьа юьхь яра церан
хиллачеран болуш болучеран
массеран а цхьа юьхь ма ю церан
Дала нийсо хьарам йина болчу
массеран а церан суьрташ дахарх
цхьаъ бен цкъа а сурт а дер дац церан
уьш бахьанехь хаьа суна харцо
даима а цхьа штамп йолуш юйла

сан вежарий
маржа яI шун яххьаш
хIора шен-шен нуьрах яьгна яхьаш
ас доIанехь шу боьхучу хенахь
шун цIераш а йицло суна наггахь
шун шераш а дицло суна наггахь
амма хIора вевза сибатах
шу бахьанехь хаьа суна нийсо
даима а эксклюзиве юйла

2014 шо