Бисултанов Апти. Зарзаршца чекхдолу ламаз...

Нохчийчоь-- Соьлж-гIалара 'Нохчийчоь дог' маьждигехь, охан-беттан 26-гIа, 2013

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Зарзаршца чекхдолу ламаз...

зарзаршца чекхдолу ламаз
къийгашца долало де.
Дала мел кхоьллина ламаст
наха мел кхоьллина цIе,

дерриг а вовшех а ийна
Хан гIотту Берлина тIехь
Нохчийчоь хьан эхьах ийна
даима а дара сан эхь

цундела ас хIокху хенахь
хийлаза хьан ойлайо
Iуьйрана-ламазан хенахь
ма самайолур-кхa хьо
маршонан кхаъ боккхуш гIенах
Дала хьо хьаьстича санна.

2014 шо.